‏ Mark 10:35-45

Якъубан а, Яхьъян а дехар

(Маттай 20:20-28)

35ТӀаккха Зевадин шина кӀанта Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏийсана тӀе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа».

36«Ткъа Ас хӀун дан лаьара шуна?» – элира Ӏийсас.

37Цара жоп делира: «Хьан олаллин нуьрехь Хьуна юххехь хилийтахь тхо, цхьаъ Хьан аьтту агӀор, важа аьрру агӀор», – аьлла.

38 aАмма Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хӀордах довлалур дуй те шу?»

39Цара жоп делира: «Далур ду тхоьга иза», – аьлла.

ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аса молу къаьхьа кад а мер бу аша, Со чекхволучу баланийн хӀордах а чекхдевр ду шу,
40амма Сайн аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаор – иза Сан карахь дац. И меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».

41Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара Якъубана а, Яхьъяна а. 42 bТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хаьа, шаьш нахана юкъахь элий ду бохучара олалла дой царна тӀехь, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла. 43 cАмма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла, 44я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла. 45ХӀунда аьлча Адамийн КӀант Шена хьалхара гӀуллакх дайта ца веана, амма Ша гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
Copyright information for CheCAC2012