Mark 10:46-52
Ӏийсас бӀаьрзе Бар-Тхьамай туовар
(Маттай 20:29-34; Лака 18:35-43)
46Ӏийса мурдашца Ерихоне веанера. ТӀаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гӀалара араволучу хенахь бӀаьрзе волу Тхьамайн кӀант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагӀа доьхуш. 47Назартхо Ӏийса вогӀуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Ӏийса, Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох». 48Дукхахболчара иза чехавора, гӀовгӀа ма е а бохуш, амма и кхин а чӀогӀа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш. 49Ӏийсас, саца а сецна, иза Шена тӀекхайкхийтира. БӀаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тӀевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш. 50Шен тӀехулара бедар дӀа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Ӏийсана тӀе веара иза. 51«Хьуна хӀун оьшу Соьгара?» – хаьттира Ӏийсас. БӀаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БӀаьрса ган лаьа суна». 52Ӏийсас элира: «ДӀавало, хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бӀаьрса а деана, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина некъахула вахара иза.
Copyright information for
CheCAC2012