Mark 11:12-14
Комарийн диттана сардам боллар
(Маттай 21:18, 19)
12ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера. 13Геннара, тӀехь дукха гӀаш долу комарийн дитт а гина, цунна тӀе вахара Ӏийса, тӀехь комарш юй те хьажа. Диттана тӀевеача, гӀаш доцург хӀумма а ца карийра Цунна, хӀунда аьлча хӀинца а стом хуьлу хан яцара. 14ТӀаккха Ӏийсас элира дитте: «ХӀинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тӀера!» Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш.
Copyright information for
CheCAC2012