‏ Mark 11:15-19

Делан цӀийнан керт цӀанъяр

(Маттай 21:12-17; Лака 19:45-48; Яхьъя 2:13-22)

15Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цӀийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дӀалоьхкура Ӏийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гӀанташ а харцийра Цо. 16ТӀаккха цхьаьнгге а шайн юхку хӀуманаш Делан цӀийнан кертахула дӀаса ца йохуьйтура Цо. 17 aӀийсас хьехамаш бора царна:

«Яздина дац: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“?

Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“бина».

18Ӏелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дӀахезира иза. Цара ойла йора, Ӏийса хӀаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хӀунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. 19Суьйранна, хан яьлча, Ӏийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дӀавахара оцу гӀалара.
Copyright information for CheCAC2012