‏ Mark 11:20-24

Дакъаделлачу комарийн диттах лаьцна хьехам

(Маттай 21:20-22)

20Ӏуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тӀера дуьйна дакъаделла гира. 21ТӀаккха, дага а деана, Кипас элира Ӏийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх».

22Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! 23 aАса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг. 24Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тӀаккха аш доьхург лур ду шуна.
Copyright information for CheCAC2012