‏ Mark 11:27-33

27Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Ӏийса Делан цӀийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Ӏелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тӀе. 28Цара элира Ӏийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»

29Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 30Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? – жоп лол Суна!»

31ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“– аьлла. 32Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь...» (Уьш халкъах ца хӀуттура, хӀунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.)

33Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.

ТӀаккха Ӏийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Copyright information for CheCAC2012