bЗабур 117:22, 23.

‏ Mark 12:1-12

Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар

(Маттай 21:33-46; Лака 20:9-19)

1 aӀийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза. 2Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта. 3Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна. 4ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а. 5Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш. 6Кхин вахийта цхьа а ца висина, тӀаьххьара а шен хьоме кӀант хьажийна цига хӀусамдас, шен дагахь: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“, – аьлла. 7Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хӀусамда ву, вай иза вуьйр ву, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 8Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дӀаваьккхина.

9Ткъа хӀинца хӀун дийр ду хӀусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш. 10 bДелан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГӀишло еш, пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистера коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
11Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“»

12И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.
Copyright information for CheCAC2012