‏ Mark 12:13-17

Паччахьна ял яларх лаьцна

(Маттай 22:15-22; Лака 20:20-26)

13Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе. 14Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»

15Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».

16Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?»

«Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга.
17ТӀаккха Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».

Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах.
Copyright information for CheCAC2012