‏ Mark 12:18-27

Денваларх лаьцна

(Маттай 22:23-33; Лака 20:27-40)

18 aЦул тӀаьхьа Ӏийсана тӀе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. 19 bЦара хаьттира Ӏийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто“. 20ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 21ШолгӀачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагӀчу вешица а. 22ВорхӀе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла. 23Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххӀангахь а иза марехь хилла хилча?»

24Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу? 25Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 26 cТкъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла? 27Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чӀогӀа тиладелла ду».
Copyright information for CheCAC2012