Mark 12:28-34
Муьлха ду Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех коьртаниг?
(Маттай 22:34-40; Лака 10:25-28)
28Цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас шен меттахь жоп далар а гина, Ӏелам нахах цхьаммо, тӀе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?» 29 aӀийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хӀара ду: „ЛадогӀа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву!30Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“,
И ду коьрта гӀуллакх! 31 bШолгӀаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“.
Царал коьртанаш цхьа а дац». 32 c«Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Ӏелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац. 33 dИза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду». 34 eЦу Ӏелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Ӏийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тӀаьхьа цхьа а ца хӀоьттира Ӏийсага хаттарш дан.
Copyright information for
CheCAC2012