Mark 12:35-37
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Маттай 22:41-46; Лака 20:41-44)
35Кхин дӀа а Делан цӀийнан кертахь хьехамаш беш Ӏийсас элира: «Ӏелам наха хӀунда олу: „Дала леррина Къобалвинарг Даудан кӀант ву“? 36 aДауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла:Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.
37Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?» Массо а адам там хиларца ладугӀуш дара Ӏийсага.
Copyright information for
CheCAC2012