Mark 13:14-23
Боккха гӀайгӀа-бала
(Маттай 24:15-28; Лака 21:20-24)
14 a«Ткъа хӀотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хӀума“хӀоттийна шайна гича (хӀара доьшург нийса кхетийла!), тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла. 15 bТхов тӀехь нисвелларг, охьа а воьссина цӀа чу ма гӀо, цо шен цӀа чуьра цхьа хӀума схьа ма эца. 16Ткъа аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла. 17Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 18Шаьш довда дезар Ӏай ца хилийтар Деле дехалаш. 19 cХӀунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тӀаьхьа а хир боцучу тайпана гӀайгӀа-бала хир бу. 20Везачу Эло и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара, амма Ша къастийначеран дуьхьа дацдина Цо и денош. 21Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“я „Цигахь ву шуна!“алахь, цунах ма тешалаш, 22хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Ӏехорхьама. 23Амма шу ларлолаш! Ас хьалххе дӀахоуьйту шуьга и дерриге а хиндерг».
Copyright information for
CheCAC2012