Mark 13:3-13
ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Маттай 24:3-14; Лака 21:7-19)
3Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь Делан цӀийнан кертана дуьххьал хиъна Ӏаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча: 4«Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хӀун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?» 5Царна жоп а луш, Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, 6хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу. „Со ву Иза“, – бохуш, дукхахберш Ӏехор бу цара. 7Нагахь тӀемах я цунах лаьцна хӀума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тӀаьххьара де дац. 8Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9 aАмма шу сема хилалаш, хӀунда аьлча шу дӀа а лоьцур ду, гуламан цӀеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хӀиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. 10Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дӀакхачо беза. 11ТӀаккха, шаьш царна хьалха кхеле хӀиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гӀайгӀа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дӀаала. ХӀунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг». 12«Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу. 13 bСан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву».
Copyright information for
CheCAC2012