Mark 13:32-37
Де а, сахьт а цхьанна а ца хаьа
(Маттай 24:36-44)
32 a«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна. 33Варелаш, сема хилалаш, хӀунда аьлча и хан тӀе маца кхочу ца хаьа шуна. 34 bМасала, цхьаммо шен цӀера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хӀоранна а шен-шен гӀуллакх дӀа а делла, гӀаролана сема хилар тӀедуьллу. 35Иштта сема хилалаш! ХӀунда аьлча шуна ца хаьа хӀусаман да цӀа маца вогӀур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нӀаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш. 36ЦӀеххьана иза цӀа веача, шаьш дийшина ма карадайталаш. 37Ас юха а боху шуьга массаьрга а, хӀоранга а: „Сема хилалаш!“»
Copyright information for
CheCAC2012