‏ Mark 14:12-21

Ӏийсас Шен мурдашца Пасахьан пхьор даар

(Маттай 26:17-25; Лака 22:7-14, 21-23; Яхьъя 13:21-30)

12Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».

13ТӀаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу гӀала чу гӀо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогӀу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тӀаьххье дӀагӀо. 14Иза чу ваханчу цӀийнан хӀусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 15Цо шуна лакха тӀехь йоккха а йолуш, лаьтта хӀума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна».

16Ӏийсан мурдаша, гӀала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира. 17Суьйре тӀееача, Ӏийса Шен шийтта векалца цига веара. 18 aДӀа а тевжина, уьш хӀума юуш бохкуш, Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».

19Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?»
Цхьадолчу тептарш тӀехь кхин дӀаяздина ду: Вукхо а элира: «Со-м вац хир ву иза?».

20Ткъа Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Ӏуттуш верг. 21Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
Copyright information for CheCAC2012