‏ Mark 14:17-21

17Суьйре тӀееача, Ӏийса Шен шийтта векалца цига веара. 18 aДӀа а тевжина, уьш хӀума юуш бохкуш, Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».

19Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?»
Цхьадолчу тептарш тӀехь кхин дӀаяздина ду: Вукхо а элира: «Со-м вац хир ву иза?».

20Ткъа Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Ӏуттуш верг. 21Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
Copyright information for CheCAC2012