aАрадаккхар 24:8; Ярми-ЯхӀу 31:31-34.
Mark 14:22-26
Везачу Элан пхьор
(Маттай 26:26-30; Лака 22:14-20; 1 Коринтхошка 11:23-25)
22Цара хӀума юучу хенахь, Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «Схьаэца – иза Сан дегӀ ду». 23ТӀаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дӀакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дӀамелира. 24 aӀийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу. 25Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дӀахӀоттийначу Олаллехь керла чагӀар молу де тӀекхаччалц». 26ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.
Copyright information for
CheCAC2012