Mark 14:27-31
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Маттай 26:31-35; Лака 22:31-34; Яхьъя 13:36-38)
27 aШен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса,ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, – аьлла».
28 b«Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со». 29Кипас элира Ӏийсага: «Массара дӀатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо». 30ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо». 31Амма Кипас, кхин а чӀагӀдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.
Copyright information for
CheCAC2012