‏ Mark 14:3-9

Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар

(Маттай 26:6-13; Яхьъя 12:1-8)

3 aӀийса Бет-ХӀинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамӀин цӀахь Иза хӀума юуш Ӏачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цӀеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Ӏийсан коьрта тӀе доьттира цо. 4Цхьаболчара, резабоцуш, оьгӀазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян? 5ХӀунда аьлча и даьтта кхо бӀе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тӀаккха и ахча мискачарна а доькъуш».

Оцу зудчунна хамталлаш йора цара.

6Амма Ӏийсас элира: «Ӏадйитийша и зуда, эхь хӀунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду-кх. 7 bХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагӀа, ткъа Со даим хир вац шуьца. 8Со дӀаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш. 9Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
Copyright information for CheCAC2012