‏ Mark 14:43-50

Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а

(Маттай 26:47-56; Лака 22:47-53; Яхьъя 18:3-12)

43Оцу сохьта, Ӏийсас и оллушехь, тӀевеара ЯхӀуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, баккхийчара а. 44Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – И, схьа а лаций, ларвеш дӀавига».

45Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира. 46Ткъа вукхара, тӀе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Ӏийса. 47Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира. 48ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца? 49 aДелан цӀа чохь хӀора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХӀетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тӀехь яздинарг кхочушхила деза».

ДӀаведда жима къонах

50Цу хенахь, Ӏийса а витина, массо а мурдаш дӀасабевдира.
Copyright information for CheCAC2012