Mark 14:53-65
Ӏийса коьртачу кхеташонна хьалха хӀоттор
(Маттай 26:57-68; Лака 22:54, 55, 63-71; Яхьъя 18:13, 14, 19-24)
53Ӏийса динан коьрта да волчу цӀа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Ӏелам нах а гулбеллера. 54Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гӀуллакх деш болчаьрца цӀарна хьалха вохлуш вара. 55Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. 56ХӀунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догӀура. 57Цхьаболчара, хьала а гӀевттина, харц тоьшаллаш деш, элира: 58 a«Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, – аьлла». 59Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогӀуш дацара. 60ТӀаккха динан коьртачу дас, юккъе дӀа а хӀоьттина, хаьттира Ӏийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» – аьлла. 61Ткъа Ӏийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КӀант? Цо леррина Къобалвинарг?» 62 bӀийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КӀантНуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а,
стигалан мархашца охьавуссуш а».
63ТӀаккха, шена тӀера бедар а ятӀийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хӀун тешаш оьшу вайна? 64 cХезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира. 65ТӀаккха цхьаболчара Ӏийсана тӀе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хӀинца!» ГӀаролхоша а еттара Цунна.
Copyright information for
CheCAC2012