‏ Mark 14:55-64

55Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. 56ХӀунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догӀура.

57Цхьаболчара, хьала а гӀевттина, харц тоьшаллаш деш, элира: 58 a«Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, – аьлла».

59Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогӀуш дацара. 60ТӀаккха динан коьртачу дас, юккъе дӀа а хӀоьттина, хаьттира Ӏийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» – аьлла.

61Ткъа Ӏийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна.

Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КӀант? Цо леррина Къобалвинарг?»

62 bӀийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КӀант
Нуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а,
стигалан мархашца охьавуссуш а».

63ТӀаккха, шена тӀера бедар а ятӀийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хӀун тешаш оьшу вайна? 64 cХезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?»

Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира.
Copyright information for CheCAC2012