‏ Mark 14:66-68

Кипас Ӏийса дӀатасар

(Маттай 26:69-75; Лака 22:56-62; Яхьъя 18:15-18, 25-27)

66Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. 67Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Ӏийсаца».

68Амма Кипас дӀахадийра: «Суна ахь хӀун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух».

Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТӀаккха нӀаьна кхайкхира.
Copyright information for CheCAC2012