Mark 14:66-72
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Маттай 26:69-75; Лака 22:56-62; Яхьъя 18:15-18, 25-27)
66Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. 67Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Ӏийсаца». 68Амма Кипас дӀахадийра: «Суна ахь хӀун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТӀаккха нӀаьна кхайкхира. 69Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХӀара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хӀиттина болчаьрга. 70Кипас юха а тӀе ца лецира цо бохург. Жимма Ӏийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хӀунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо». 71Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг». 72ХӀеттахь шозлагӀа а нӀаьна кхайкхира. ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас шега аьлларг: «НӀаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дӀатосур ву Со». Кипа доггах вилхира.
Copyright information for
CheCAC2012