‏ Mark 14:69-72

69Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХӀара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хӀиттина болчаьрга.

70Кипас юха а тӀе ца лецира цо бохург. Жимма Ӏийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хӀунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо».

71Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг».

72ХӀеттахь шозлагӀа а нӀаьна кхайкхира. ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас шега аьлларг: «НӀаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дӀатосур ву Со».

Кипа доггах вилхира.
Copyright information for CheCAC2012