Mark 15:1-5
Ӏийса Пулат волчу валаво
(Маттай 27:1, 2, 11-14; Лака 23:1-5; Яхьъя 18:28-38)
1Сатосучу хенахь, Ӏуьйре тӀеярца, динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Ӏийса дӀа а вихкина, Пулате дӀавелира. 2Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла. Ткъа Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза». 3Динан коьртачу дайша дуккха а хӀуманна тӀехь бехке вора Ӏийса. 4Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо». 5Амма Ӏийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чӀогӀа цецвуьйлура.
Copyright information for
CheCAC2012