Mark 15:2-5
2Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла. Ткъа Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза». 3Динан коьртачу дайша дуккха а хӀуманна тӀехь бехке вора Ӏийса. 4Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо». 5Амма Ӏийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чӀогӀа цецвуьйлура.
Copyright information for
CheCAC2012