Mark 15:21-32
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Маттай 27:32-44; Лака 23:26-43; Яхьъя 19:17-27)
21 aТӀаккха шен кха тӀера вогӀу, Искандаран а, Рупан а да волу Къуринара ШамӀа а сацийна, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара. 22Ӏийса «Галгатхьа» олучу метте схьавалийра цара (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 23Ярийн муттанца эдина чагӀар дала гӀоьртира уьш Цунна, амма Ӏийсас иза ца мелира. 24 bӀийса жӀарах дӀатуьйхира. ТӀемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хӀуманаш вовшашлахь йийкъира. 25УьссалгӀа сахьт дара Ӏийса жӀарах дӀатухучу хенахь. 26Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тӀехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла. 27 cӀийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 28 тӀетоьхна ду: Кхочуш хилира Делан Йозанаш тӀехь яздина: «ТӀаккха зуламхо санна юкъатухур ву Иза», – бохург.
. 28– 29 eЮххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХӀай! Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь дӀахӀоттош верг! 30Хьуо кӀелхьара а воккхуш, охьавосса бӀогӀам тӀера». 31Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало! 32Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хӀинца жӀара тӀера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дӀатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза.
Copyright information for
CheCAC2012