Mark 15:33-41
Ӏийса кхалхар
(Маттай 27:45-56; Лака 23:44-49; Яхьъя 19:28-30)
33Делкъахенахь лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза. 34 aДелкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахь?» 35Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И». 36 bТкъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама. «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара жӀаран тӀера дӀаваккха», – элира цо. 37Ткъа цу хенахь, чӀогӀа мохь а тоьхна, Ӏийса кхелхира. 38 cХӀеттахь Делан цӀийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. 39Ӏийсана дуьхьал лаьтташ волчу тӀеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дӀалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КӀант вара». 40 dГеннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. 41Ӏийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь.
Copyright information for
CheCAC2012