‏ Mark 15:42-47

Ӏийса дӀаволлар

(Маттай 27:57-61; Лака 23:50-56; Яхьъя 19:38-42)

42 43Иза пӀераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де. Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тӀейогӀуш суьйре йолу дела, Пулатана тӀе ваха бӀо а боьлла, Ӏийсан дакъа схьадийхира. 44Ӏийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тӀеман хьаькам тӀе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» – аьлла. 45ТӀеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дӀадалийтира. 46Юсупа, кӀади а эцна, дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТӀаккха къуббанан неӀарна дуьхьал боккха тӀулг карчийра цо. 47Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дӀа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.
Copyright information for CheCAC2012