‏ Mark 15:6-15

Ӏийса вен кхел йо

(Маттай 27:15-26; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)

6ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ, шега веххнарг, арахоьцура Пулата халкъана. 7ХӀетахь цхьа хьенех вара, Барраб цӀе а йолуш. Шен накъосташца Ӏедална дуьхьал адам карзахдаьллачу хенахь, цо стаг верна, иза чувоьллинера. 8ТӀаккха гулделлачу халкъо, маьхьарий а хьоькхуш, хӀинццалц санна тутмакхех цхьаъ дӀахецар дийхира Пулате. 9Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дӀавала лаьий шуна?» – аьлла.

10ХӀунда аьлча Пулатана хаьара, динан коьртачу дайша Ӏийса шайн Цуьнга хьагӀ йолу дела дӀавеллий. 11Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахӀоттийнера, царна Барраб дӀахецар гӀоле хетийтархьама. 12Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хӀун дан лаьа шуна ас?»

13Цара цо бохучунна дуьхьал маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – аьлла.

14Пулата хаьттира цаьрга: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?»

Амма наха кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.

15ТӀаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дӀахецийтира. Ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, тӀемалойн кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012