‏ Mark 16:1-8

Ӏийса веллачуьра денвалар

(Маттай 28:1-8; Лака 24:1-12; Яхьъя 20:1-10)

1Далла лерина шоьтан де дӀадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогӀу хьакхарш ийцира, уьш Ӏийсан докъана хьакхархьама. 2Ӏуьйранна, сатосучу хенахь, кӀирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара. 3Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неӀарера тӀулг хьан дӀабоккхур бу те вайна?» – бохуш.

4Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара. 5Уьш къубба чу бевлча, аьтту агӀор хиъна, кӀайн духар а долуш, кӀант гира царна. Уьш чӀогӀа Ӏадийнера. 6Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг. 7 aАмма аш, гӀой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Ӏийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гӀур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“».

8Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дӀабевдира. Уьш чӀогӀа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хӀумма а ца дийцира.
Copyright information for CheCAC2012