Mark 16:14-18
Ӏийсас мурдашна тӀедиллинарг
(Маттай 28:16-20; Лака 24:36-49; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)
14ТӀаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хӀума юучу хенахь, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. Цо тӀехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. 15 aЦо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ. 16Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю. 17Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. 18Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».
Copyright information for
CheCAC2012