‏ Mark 16:9-11

Ӏийсас Ша Магдалера Маремана гайтар

(Маттай 28:9, 10; Яхьъя 20:11-18)

9
Уггар ширачу тептарш тӀехь 9-20 яздина дац.
КӀирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Ӏийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхӀ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хӀоьттира.
10Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хӀинца Цунна боьлхуш Ӏаш болчаьрга дӀадийцира. 11Амма Ӏийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хӀетте а уьш ца тийшира.
Copyright information for CheCAC2012