Mark 2:1-12
Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг тово
(Маттай 9:1-8; Лака 5:17-26)
1Масех де даьлча, Ӏийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цӀа вирзина аьлла, хабар даьржира. 2И волчу дукха адам гулделира, неӀарехула чувала меттиг а ца юьсуш, ткъа Ӏийсас царна хьехамаш бора. 3Баьхкинчарна юкъахь шен дегӀан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара. 4Амма адам тӀех дукха хиларна, уьш Ӏийсана тӀе ца кхачалора. ТӀаккха цара, Ӏийса чохь волчу цӀенна тӀехула болчу тхов тӀе а бевлла, тховх Ӏуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гӀайбица чу а воссийна, Ӏийсана хьалха охьавиллира. 5Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина». 6Цигахь хиъна Ӏаш масех Ӏелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура: 7«Иза хӀун ду те хӀокху стага дуьйцург? Цо ма Ӏеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?» 8Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Ӏийсас цаьрга элира: «ХӀун ойланаш ю аша йийраш? 9Цомгушчуьнга ала хӀун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба а эций, дӀагӀо“? 10Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТӀаккха цомгушчуьнга Ӏийсас элира: 11«Ас боху хьоьга! Хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!» 12Важа, сихха хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чӀогӀа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хӀуманаш ду-кх хӀорш!»
Copyright information for
CheCAC2012