Mark 2:18-22
Марха кхабарх лаьцна
(Маттай 9:14-17; Лака 5:33-39)
18Оцу хенахь Яхьъян мурдаш а, парушхойн мурдаш а марханаш кхобуш бара. Цкъа масех стага, тӀе а веана, хаьттира Ӏийсага: «И хӀун ду? Яхьъян мурдаша а, парушхоша а марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» 19Ӏийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц. 20Ткъа цхьа хан йогӀур ю, и зуда ялийнарг дӀа а вигна, тӀаккха цара марха а кхобуш, уьш сингаттаме а хуьлуш». 21ТӀаккха Ӏийсас кхин а цхьа хьекъале дустар далийра царна: «Ширачу духар тӀе, керлачу кӀадих а яьккхина, йома латор яц цхьаммо а, хӀунда аьлча и йома тӀеттӀа а яхана, бедар тӀе а оьзна, и Ӏуьрг кхин а доккха хир ду. 22Я цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту».
Copyright information for
CheCAC2012