Mark 2:23-28
СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар
(Маттай 12:1-8; Лака 6:1-5)
23 aЦкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула чекхволуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаша цигахула бовлуш кӀен кенаш схьадохура. 24ТӀаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до цара?» – аьлла. 25Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Аша ца дешна, Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 26 bИза, динан коьрта да Абу-ЯтӀари волчу хенахь, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла». 27КхидӀа а Ӏийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна. 28Цундела Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Copyright information for
CheCAC2012