‏ Mark 3:1-6

Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг тово

(Маттай 12:9-14; Лака 6:6-11)

1Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цӀа чу веара Ӏийса. Цигахь куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара. 2Цхьадолу адамаш чӀогӀа Ӏийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 3Ӏийсас куьг заьӀап долчу стаге элира: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта».

4ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»

Ткъа уьш бист ца хилира

5ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира. 6Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХӀародан адамашца барт бан буьйлабелира, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара те бохуш.
Copyright information for CheCAC2012