Mark 3:13-19
Шийтта векал харжар
(Маттай 10:1-4; Лака 6:12-16)
13Юха Ӏийсас, лам тӀе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тӀекхайкхира. Уьш Цунна тӀе баьхкира. 14Царна юкъара Ӏийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, 15адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. 16Ӏийсас къастийна векалш хӀорш бара: ШамӀа (Ӏийсас тӀаьхьа, Кипа аьлла, цӀе тиллинарг), 17Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Ӏийсас, Баней-Раговш аьлла, цӀе тиллинарш, иза «ткъесан ▼▼Ткъесан кӀентий – кхечу тайпана аьлча: карзахе кӀентий.
кӀентий» бохург ду), 18Ӏандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), 19ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьа ямартхо хилларг.
Copyright information for
CheCAC2012