Mark 3:20-30
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Маттай 12:22-32; Лака 11:14-23; 12:10)
20Цул тӀаьхьа Ӏийса цӀа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Ӏийсана а, Цуьнан мурдашна а. 21Ӏийсан цӀерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дӀавига баьхкира, хӀунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тӀехь вац бохуш. 22 aТкъа Ярушалаймера баьхкинчу Ӏелам наха олура: «Цунна чу БаӀал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!» 23ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис? 24Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тӀом хилча, и пачхьалкх хӀаллакьхир ю. 25Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу. 26Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тӀаьххьара де тӀекхочу. 27Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цӀа чу, цуьнан хӀуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дӀавихкина бен, къола далур дац цуьнан цӀахь. 28Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кӀенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тӀехь, 29 bамма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“». 30Иштта дешнаш элира Ӏийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», – олу дела.
Copyright information for
CheCAC2012