‏ Mark 3:31-35

Ӏийсан нана а, вежарий а

(Маттай 12:46-50; Лака 8:19-21)

31Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Ӏийса аракхайкхира, 32хӀунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тӀе ца кхачалора уьш. Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш».

33Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?» 34ТӀаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «ХӀорш бу Сан наний, вежарий! 35ХӀунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а».
Copyright information for CheCAC2012