‏ Mark 4:1-9

Ахархочух лаьцна хьекъале дустар

(Маттай 13:1-9; Лака 8:4-8)

1 aЮха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира. 2Дукха хьехамаш бора Ӏийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:

3«ЛадогӀал! Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. 4Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. 5Важа буьртигаш жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара. 6Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира. 8Ткъа важа долу хӀу, дика латта долчохь а нисделла, зӀийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бӀе а хӀу а луш хӀора кено а».

9ТӀаккха Ӏийсас элира ладугӀучаьрга: «Лергаш долчунна дӀахозийла хӀара».
Copyright information for CheCAC2012