‏ Mark 5:1-20

Ӏийсас ГӀарас-меттехь жинаша хьийзош волу стаг туовар

(Маттай 8:28-34; Лака 8:26-39)

1Ӏийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тӀехь лаьттачу ГӀарас цӀе йолчу меттиге веара. 2Иза хинкеманна тӀера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дӀабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. 3Оцу хьехаш чохь Ӏаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зӀенашца а дӀа ца вехкалора иза, 4хӀунда аьлча мосуьйттазза а зӀенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара. 5Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чӀогӀа мохь а хьоькхуш, тӀулгех ветталуш лелара иза.

6Геннара Ӏийса вогӀу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна, 7чӀогӀа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хӀун оьшу соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» 8Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла.

9ТӀаккха Ӏийсас хаьттира жине: «ХӀун ю хьан цӀе?» – бохуш.

Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хӀунда аьлча тхо дуккха а ду».
10Оцу жинаша чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шаьш оцу махкара дӀа ма довлийтахьара аьлла. 11Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 12Жинаша Ӏийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла. 13Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, Ӏоман буха яхара.

14Ӏуй, бевдда дӀа а бахана, гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хӀун ду те аьлла. 15Ӏийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира. 16И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна.

17ТӀаккха цигара бахархоша дийхира Ӏийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дӀагӀахьара Хьо аьлла.

18Ӏийса хинкеман тӀе волуш, жинех паргӀатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга. 19Амма Ӏийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн цӀерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а».

20Оцу стага, дӀа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Ӏийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура.
Copyright information for CheCAC2012