Mark 5:21-43
Яиран йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда туояр а
(Маттай 9:18-26; Лака 8:40-56)
21Ӏийса Шен мурдашца хинкеман тӀехь Ӏоман берда тӀе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира. 22Оцу хенахь И волчу гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Ӏийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна, 23чӀогӀа дехар дан хӀоьттира: «Сан йоӀ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тӀе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш. 24Ӏийса Яирца дӀавоьдуш, Цунна тӀаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш. 25Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу. 26Дуккха а лоьраша гӀо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гӀоле хуьлучу метта, кхин а чӀагӀъеллера иза. 27Ӏийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тӀехьашха Цунна тӀе а яхана, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоьттира. 28ХӀунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тӀера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», – аьлла. 29Оцу сохьта дӀаоьху цӀий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна. 30Ткъа Ӏийсана сихха хааделира Шех ницкъ дӀакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Ӏийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла. 31Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тӀегӀоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“» 32Амма Ӏийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш. 33ТӀаккха зудчо, шена хилларг хӀун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Ӏийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дӀадийцира Цуьнга. 34Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». 35Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланчаш баьхкира. «Хьан йоӀ елла. Устазана хало ян ца оьшу», – элира цара. 36Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша». 37Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца. 38Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чӀогӀа доьлхуш а адамаш гира. 39ЦӀа чу ваьлча, Ӏийсас элира цаьрга: «Аша хӀун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоӀ елла яц, иза йижина ю». 40Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Ӏийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьӀан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоӀ йолчу чоьхьавелира Иза. 41Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитӀа кхуми!» (иза «ЙоӀ, хьалагӀатта боху хьоьга!» – бохург ду). 42И ма-элли, йоӀ, хьала а гӀаьттина, дӀайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоӀ яра). Чохь берш чӀогӀа цецбевлла биснера. 43Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоӀана яа хӀума ло», – элира Цо цаьрга.
Copyright information for
CheCAC2012