Mark 6:14-29
Яхьъя-пайхамаран дӀакхалхар
(Маттай 14:1-12; Лака 9:7-9)
14 aӀийсан цӀе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХӀарод-паччахьна а дӀахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Ӏийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хӀуманаш до», – олура. 15Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхӀу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагӀчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», – бохуш. 16И шена хезча, ХӀарода элира: «Аса корта тӀера баккхийтина Яхьъя веллачуьра денвелла», – аьлла. 17 bХӀарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла. 18ХӀунда аьлча Яхьъяс аьллера ХӀароде, цо шен вешин зуда шена йигар Ӏедалехь нийса дац аьлла. 19Цундела ХӀародад хьагӀ хилла яра Яхьъяна, иза вийна а, дӀаваккха лууш. Амма и дан цуьнан таро яцара, 20хӀунда аьлча ХӀарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугӀура ХӀарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь. 21Цкъа ХӀарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хӀоттийра, пачхьалкхан а, тӀеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина. 22Ткъа ХӀародадан йоӀ, юкъа а яьлла, халха яьлча, чӀогӀа там хиллера ХӀародана а, цуьнан хьешашна а. ТӀаккха ХӀарода оцу йоӀе элира: «Хьайна луъург еха соьгара, ахьа ехнарг аса дӀалур ю хьуна», – аьлла. 23Цо, дуй биъна, чӀагӀо йира: «Хьуна лиънарг лур ю хьуна, ур-атталла сайн ах пачхьалкх а», – аьлла. 24ЙоӀа, ара а яьлла, шен нене хаьттира: «ХӀун еха аса», – аьлла. Ткъа вукхо жоп делира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъян корта беха», – аьлла. 25ЙоӀа, сихха паччахьна тӀе а яхана, дийхира: «Ахьа хӀинцца шуьна чохь нах хих чекхбаьхначу Яхьъян корта балар лаьа суна», – аьлла. 26Паччахьна и чӀогӀа новкъадеара, делахь а ша оцу хьешашна хьалха дуй биъна дела, цо дуьхьало ца йира оцу дехарна. 27ХӀарода оцу сохьта чалтач вахийтира, цуьнга, Яхьъян корта тӀера а баккхий, схьаба аьлла, омра а дина. Вукхо вахана набахти чохь, Яхьъян корта а баьккхина, 28схьа а беана, шуьна чохь йоӀе дӀакховдийра, ткъа йоӀа шен нене белира иза. 29Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегӀ схьа а эцна, къубба чу диллира.
Copyright information for
CheCAC2012