‏ Mark 6:30-44

Пхи эзар стаг вузор

(Маттай 14:13-21; Лака 9:10-17; Яхьъя 6:1-14)

30Векалша юхабирзича, Ӏийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гӀуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга. 31Ӏийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доӀуьйтуш, адам доцучу метте дӀадовла вай цхьаьна». ХӀунда аьлча уьш болчу меттехь чӀогӀа дукха нах бара, ур-атталла хӀума яа а меттиг ца йолуш. 32Цундела уьш, нахах дӀа а къаьстина, хинкеман тӀехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира. 33Амма дукхахболу нах, хӀорш дӀабовлуш а гина, уьш бовзарна, массо а гӀаланашкара гул а белла, берд тӀехула бевдда, кхарал хьалхабевлира. 34 aШа хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Ӏу воцу уьстагӀех а тарбелла, царах чӀогӀа къахийтира Ӏийсана. ТӀаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира. 35Де чаккхенга гӀерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Ӏийсана тӀе а бахана, элира Цуьнга: «ХӀара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла. 36Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дӀабахийтахьа и нах».

37Амма Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума».

Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бӀе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?»

38ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГӀой, хьовсал».

Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чӀара а бу-кх».

39ТӀаккха, и нах берриш а сийначу бай тӀе охьаховшабе аьлла, омра дира Ӏийсас мурдашка. 40Уьш, бекъа а белла, бӀе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. 41Ткъа Ӏийсас и пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дӀадийкъира. ТӀаккха и ши чӀара а массарна бийкъира Цо. 42Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. 43Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чӀеро а шийтта тускар а дуьзира. 44Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара.
Copyright information for CheCAC2012