‏ Mark 6:45-52

Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду

(Маттай 14:22-33; Яхьъя 6:15-21)

45Цу сохьта и нах Ша дӀахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тӀе а хаийтина, Шел хьалха, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе Бет-Саида-гӀала дӀабахийтира Ӏийсас Шен мурдаш. 46Нах дӀа а хьажийна, доӀа дан лам тӀе хьалавелира Ӏийса. 47Суьйре тӀееача, хинкема Ӏомана юккъехь дара, ткъа Ӏийса лам тӀехь Ша вара. 48Хин тӀехь дуьхьал богӀу мох болу дела, мурдашна пийсакашца кема лело хала хилар гира Ӏийсана. ТӀаккха буьйсанна кхо сахьт даьллачул тӀаьхьа Иза хи тӀехула царна тӀе вахара. Ӏийса тӀехвала воллучу хенахь, 49Иза хин тӀехула волавелла вогӀу а гина, мурдашна Иза гӀаларт ду а моттаделла, цара дукха кхерабаларна маьхьарий хьаькхира, 50хӀунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чӀогӀа кхера а белира. Цу сохьта Ӏийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 51ТӀаккха Иза цаьрца кеман тӀе а хиира, цу сохьта мох а сецира. Мурдаш чӀогӀа цецбевллера, 52хӀунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хӀуманах а ца кхийтира уьш, дӀакъовладелла дара церан дегнаш.
Copyright information for CheCAC2012