Mark 6:8-11
8Ткъа уьш дӀабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хӀумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тӀоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Ӏаса йоцург. 9Кога юьйхина мачаш а, шайна тӀехь йолу цхьа бедар а бен, сов хӀумма а ма хьуо». 10Кхин а тӀетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цӀеношкахь саца, оцу гӀалара арадовллалц. 11 aНагахь санна шаьш цхьана меттигехь тӀе ца лацахь а, я ла ца догӀахь а, шаьш цигара дӀадоьлхуш, шайн когаш тӀера чан охьаегае. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
Copyright information for
CheCAC2012