a ЕшаӀ-ЯхӀу 29:13 (Грекийн).
Mark 7:1-13
Дайша лелийна Ӏадаташ
(Маттай 15:1-9)
1Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Ӏелам стаг а вара Ӏийсана гонах гулвелла. 2Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара. 3ХӀунда аьлча, хьалхалера Ӏедале а доьгӀна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Ӏедалехь ма-бохху, куьйгаш цӀандиний бен хӀума ца йоу. 4Ткъа шаьш базарара еана хӀума а шатайпана цӀанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Ӏадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гӀумгӀанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гӀайбеш а цӀанъяр тӀехь. 5Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» – аьлла. 6 aӀийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХӀокху адамаша Со багахь лору,ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
7Церан ларамах пайда бац,
хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац,
уьш адамаша кхоьллина бу“.
8Аша, адамийн Ӏадаташ схьа а лаьцна, Дала тӀедехкинарш ца лору». 9Кхин а Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тӀедехкинарш а ца лоруш, шайн Ӏадаташна тӀаьхьахӀоттар. 10 bМуса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“. 11Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг ‘кхурбан’ дӀало“(иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгӀат“бохург ду), – аьлча, 12дена-нанна дан дезачух иза кӀелхьарволу бохуш, чӀагӀдо аша. 13Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Ӏадат лору аш. И тайпа хӀуманаш дукха леладо аша».
Copyright information for
CheCAC2012