Mark 7:14-23
Далла гергахь стаг бехвеш дерг
(Маттай 15:10-20)
14ТӀаккха юха а, нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «ЛадогӀа Соьга массара а, дӀа а лоцуш. 15Адамна чу яханчу цхьанна а хӀумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хӀумано бехвийр ву иза» ▼▼Цхьадолчу грекийн тептарш тӀехь аят 16 тӀетоьхна ду: «Лергаш долчунна дӀахезийла».
. 16– 17Нах а битина, Ӏийса цӀа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга. 18Ткъа Ӏийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хӀумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла? 19ХӀунда аьлча и тӀеоьцу хӀума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тӀаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хӀума ерриге а Далла гергахь цӀена хилар хаийтира Ӏийсас.) 20Кхин а тӀетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво. 21ХӀунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а, 22ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Ӏехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а. 23И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво».
Copyright information for
CheCAC2012